Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь шайн Везачу Дала кхочушбе аьлла, шайна тІебиллина болу Цуьнца бина барт а бохийна, кхечу деланашна аш Іибадат дахь, Везачу Элан оьгІазалла юссур ю шуна тІе. ТІаккха Везачу Эло шуна деллачу исбаьхьчу лаьтта тІера сихха дІадевр ду шу». МостагІаша иза, каг а дина, цІарца дагийна. ОьгІазечу юьхьца цаьрга хьажахьа, уьш хІаллакбехьа. ГІелбелла хьан кІентий хІора ураман гола тухучохь Іохкуш бу. РечІано лаьцна сай санна бу уьш. Уьш Везачу Элан оьгІазаллах а, хьан Делан къематах а буьзна бу. Веза Эла цІергахь вогІур ву. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгІазалла дераллица тІеюттур ю, ткъа Шен къемат – цІеран алунашца. «Нагахь санна аша ла ца догІахь, нагахь санна Сан цІе лара шу доггаха тІедирзина дацахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас шуна неІалташ а кхайкхор ду, шун декъалдаршна сардамаш а духкур ду. ХІинцале а шуна сардам боьллина Ас, аша шайн дегнаш Суна тІе ца дерзийна дела.
Выбор основного перевода