Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ЭлишаІа, доІа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бІаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бІаьргаш схьадиллира. ТІаккха цунна гира ЭлишаІана гонах лам цІеран дойх а, гІудалкхех а буьзна хилар. И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира. Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде?
Выбор основного перевода