Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш дІабоьлхуш, Зевадин ши кІант – Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира Іийсана. Ший а ваша шайн деца Зевадица хинкеман чохь вара, чІерий лоцу бойнаш тоеш. Іийсас уьш а кхайкхина тІебалийра. Ялх де даьлча, Іийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тІе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира. Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Іийсас Шеца. ТІаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Іийса синтем байна а, чІогІа сингаттаме а хилира. Яиран керта а веана, Цо цхьанна а чу ван пурба ца делира, Кипиний, Яхьъяний, Якъубаний, йоІан дений-нанний бен. Цул тІаьхьа, ворхІ-бархІ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Іийса доІа дан лам тІе хьалавелира.
Выбор основного перевода