Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. Кипа, Иза юьстах а ваьккхина, дуьхьало ян волавелира: «Дала тІе ма доуьйтийла иза, Веза Эла! И тайпа хІума Хьуна тІе ма кхочийла!» Кипига юха а вирзина, Цо элира: «ДІадала Суна уллора, иблис! Ахьа Суна новкъарло йо, хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю». Цара, Іийсан дакъа схьа а эцна, Иза хаза хьожа йогІу хьакхарш хьаькхна долчу кІади юкъа хьарчийра, жуьгтийн Іедалехь стаг дІавуллуш ма-дарра.
Выбор основного перевода