Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Адамийн КІант, Делан Йозанашна тІехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дІавоьдуш ву. Амма декъаза ву Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гІоле яра!» ТІаккха Іийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! «ХІара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тІехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тІехь а, Забурана тІехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо. Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла.
Выбор основного перевода