Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш цхьаьна Галилай-махка схьадаьхкича, Іийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КІант нехан кара дІалур ву. Цо элира: «ГІалахь Іаш волу а, ас хьоьга дуьйцуш волу а стаг волчу а гІой, цуьнга ала: „Устазо боху: ‘Сан хан тІекхочуш ю. Аса Сайн мурдашца Пасахьан деза де хьан хІусамехь даздийр ду’“». Шен мурдашца цхьаьна а висина, царна хьехамаш бархьама. Іийсас олура цаьрга: «Адамийн КІант, нехан кара а велла, вуьйр ву, ткъа кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». «ЛадогІалаш! Вай Ярушалайме доьлхуш ду, цигахь Адамийн КІант динан коьрта дайн а, Іелам нехан а кара лур ву, тІаккха цара Цунна вен кхел а йийр ю, Иза кхечу къаьмнийн нехан кара дІа а лур ву. «Дика ладогІалаш, диц а ма делаш Ас шайга аьлларг: Адамийн КІант нехан кара лур ву». „Адамийн КІант къинош летийначу нехан кара дІалур ву, жІарах дІа а тухур ву, амма кхозлагІчу дийнахь денлур ву“». Іийсас, жоп луш, элира цу шинга: «ТІекхаьчна Адамийн КІентан сийлалла дІагойту сахьт. «Ткъа хІинца Сан са карзахдаьлла. ХІун ала те Ас? „Дада, кІелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со. Пасахьан деза де тІекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тІеваха веза хан тІекхаьчний хаьара Іийсана. Дуьненара Шенаш безара Іийсана, ткъа хІинца Шен безам ма-барра кІорггера гайтира Іийсас царна. И дешнаш а аьлла, Шен бІаьргаш стигала хьала а хьажийна, Іийсас элира: «Дада! ТІедеана и сахьт. Гайтахьа Хьайн КІентан сийлалла, Цуьнга а Хьайн сийлалла гайтийта.
Выбор основного перевода