Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шайна лун йолчу гІаланийн цхьанна а чохь Пасахьан сагІина лерина долчу дийнатна урс хьокхийла дац шун. Шун Везачу Дала Ша Іайтархьама къастор йолчу меттехь бен Пасахьан дийнатна урс ма хьакхалаш, сарахь, малх дІабузучу хенахь, шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь. Шун Везачу Дала къастор йолчу оцу меттехь дийнатан жижиг кхехка а делаш, иза даа а даалаш. Ткъа шолгІачу дийнахь шайн четарш чу юхадерза йиш ю шун. Ялх дийнахь совсаза долу баьпкаш даа, ткъа ворхІалгІачу дийнахь шайн Везачу Далла беза гулам дІахІоттабе. Оцу дийнахь цхьа а болх ма бе».
Выбор основного перевода