Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо, нах бай тІе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. ВорхІ бепиггий, чІерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дІадоькъура иза. Ткъа Іийсас и пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дІадийкъира. ТІаккха и ши чІара а массарна бийкъира Цо. ТІаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхІ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доІа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Іийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура. Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира Іийсас. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. Шеца Далла хастамаш а беш, Везачу Элан пхьуьйренехь лелош болу кад бац ткъа Дала леррина Къобалвинчун цІийца вайн дакъалацар дийриг? Вай дохош долу бепиг а дац ткъа Дала леррина Къобалвинчун дегІаца вайн дакъалацар дийриг? ХІунда аьлча аса Везачу Элера Шеггара схьаэцна айса шуна делларг. Шена ямартло йинчу буса Веза Эла волчу Іийсас, бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, иза декъа а декъна, элира: «ХІара Сан дегІ ду, шун дуьхьа дІалун долу. Иштта делаш, Со дагалацархьама». Уьш пхьор диъна бевлча, Цо, чагІаран кад схьа а эцна, элира: «Сан цІийца бинчу керлачу бертан кад бу хІара. Шаьш иза мосазза молу, Со дагалацархьама, иштта делаш».
Выбор основного перевода