Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тІаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву». «ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цІенош чуьра бод совсо хІума дІаяккха, хІунда аьлча цу деношкахь совсийна хІума йиънарг исраилхошна юкъара дІаваккха веза. Хьалхарчу а, ворхІалгІачу а дийнахь беза гулам дІахІотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хІума кечъяр бен. Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хІунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тІаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тІедиллина долу дела. Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгІачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш. ВорхІ дийнахь шун чохь бод совсо хІума хила мегар дац. Совсийначу бедах хІума йиънарг исраилхошна юкъара эккхо веза, тІевеана стаг велахь а, я шун махкара вахархо велахь а. Цхьа а тайпа совсийна хІума ма яа. Миччанхьа шаьш делахь а, совсаза бепиг даа».
Выбор основного перевода