Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана парушхочо ша волчу шуьне кхайкхира Іийсага. Іийса, и парушхо волчу а вахана, хІума юучу меттехь дІатаьІна, агІорваьлла Іара. Оцу гІалахь вон цІе йоккхуш, цхьа зуда яра, дукха къинош долуш. Іийса парушхо волчохь хьошалгІахь ву аьлла хезча, цига еара иза, мехалчу кхаби чохь хаза хьожа йогІуш долу, дегІан меженашна хьокху даьтта а дахьаш. Іийсана тІехьа, когашка дІа а хІоьттина, йоьлхуш, бІаьрхиш Цуьнан когаш тІе а Іенош, юха шен ехачу месашца уьш дІа а дохуш, Цуьнан когаш бакъа а беш, царах барташ бохура, царна тІе хаза хьожа йогІу даьтта дуьттура цо.
Выбор основного перевода