Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йоаба Іамасаига элира: «Хьо могуш вуй те, сан ваша?» Йоаба аьтту куьйгаца Іамасаан маж схьалецира, цунна оба яккха дагахь. Іамасаа тидам ца бира Йоабан вукху куьйгахь доллучу туьран. Йоаба, Іамасаан гайх тур чекх а даьккхина, цуьнан чоко лаьтта арахийцира. Йоаба цунна кхин куьг тІе ца даьхьира, хІунда аьлча Іамасаъ велла Іуьллуш вара. Цул тІаьхьа Йоаб а, цуьнан ваша Абушай а Бихрин кІантана ШебаІана юха а тІаьхьавелира. Ткъа сан мостагІа вац со емалвийриг – иза-м ас ловр дара. Суна кураллаш йийриг со цавезарг вац – цунах-м со къайлавер вара. Амма хьо ма ву иза, сан тайпанара верг – сан уллора доттагІа, со тешна Іаш верг. Тешнабехк бан кечвелла волчу ЯхІуд-Искархочо элира: «Хьуна иза со ву-м ма ца моьтту, Устаз!» Іийсас цунна жоп делира: «Иза ахьа боху!»
Выбор основного перевода