Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махкахь Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «ХІара бутт шеран дуьххьарлера бутт хир бу шун. ДІаала берриг а исраилхошка: хІокху беттан уьтталгІачу дийнахь хІораммо а цхьацца Іахар я буьхьиг эца шен доьзална. Нагахь санна Іахар баа ца баллал доьзал жима белахь, шена уллорачу лулахочуьнца юкъахь схьаэца и Іахар. Шайн доьзалхошка хьаьжжина, цхьа Іахар массарна а кхаччал декъало. Іахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Іахар я буьхьиг а мегар ю. Кху беттан дейтталгІа де тІекхаччалц иза Іалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тІебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Іахар бен беза. И Іахар буун болчу цІеношкахь неІаран гуран шинне агІор а, неІаран дукъо тІе а Іахаран цІий хьакха. Цу буссехь цІера тІехь деттина Іахаран жижиг дІадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза. Цунах датта далаза диснарг а ма даа, я кхехкийнарг а ма даа. Корта а, когаш а, чоко а дІа а ца йоккхуш, цІера тІехь даттий, дІадаа иза. Іуьйре хилале цунах хІумма а ма дита, амма дуьсуш хилахь, сахилале цІера тІехь дагаде диснарг. И кхача буучу хенахь шу тІе хІума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХІума сихонца яа еза аш. Некъан Іаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ду. Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тІера хьайбанна тІекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тІехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву. Шун цІенош тІехь долу цІий Суна билгало хир ю. ЦІий гича, Со шуна уллохула тІехвер ву. Ас Мисар-махкана таІзар дечу хенахь, шуна цхьа а зулам хир дац. Цундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тІаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву». «ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цІенош чуьра бод совсо хІума дІаяккха, хІунда аьлча цу деношкахь совсийна хІума йиънарг исраилхошна юкъара дІаваккха веза. Хьалхарчу а, ворхІалгІачу а дийнахь беза гулам дІахІотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хІума кечъяр бен. Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хІунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тІаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тІедиллина долу дела. Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгІачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш. ВорхІ дийнахь шун чохь бод совсо хІума хила мегар дац. Совсийначу бедах хІума йиънарг исраилхошна юкъара эккхо веза, тІевеана стаг велахь а, я шун махкара вахархо велахь а. Цхьа а тайпа совсийна хІума ма яа. Миччанхьа шаьш делахь а, совсаза бепиг даа». Исраилхошна юкъара къаной схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Шайн доьзалшкахь хІораммо а, схьаэций, Іахар я буьхьиг е Пасахьана лерина. ТІаккха цуьнан цІий чохь долчу кеда чу кІедачу ярийн курс а Іоттий, шайн неІаран гурах а, дукъонах а хьакха. Сахиллалц цхьа а шайн чуьра ара а ма вала. Мисарна таІзар дан Веза Эла веача, Цунна шун неІарийн гурах а, дукъойх а хьаькхна цІий гур ду. Иза шун цІеношна уллохула тІехвер ву, Іожаллин малике Цо шу дойуьйтур дац. И парзаш шуна а, шун тІаьхьенашна а тІейогІу йолчу ханна тІедехкина ду. Ларделаш уьш. Везачу Эло шайна лур ду аьллачу лаьтта тІе шаьш даьхкича, цигахь а кхочушделаш и гІуллакх. Шайн бераша хаттахь: „Иза хІунда деш ду?“ – аьлла, аша эр ду: „Иза Везачу Элана лерина Пасахьан сагІа ду. Мисар-махкахь вай долчу хенахь исраилхойн цІеношна уллохула тІех а ваьлла, мисархошна таІзар дира Цо, ткъа вайн цІенош Іалашдира“». ТІаккха Везачу Элана хьалха охьатаьІира халкъ Цуьнга болчу ларамна. «ЛадогІа Соьга. Вай Ярушалайме доьлхуш ду. Цигахь Адамийн КІант динан коьртачу дайшкий, Іеламчу нахей дІалур ву. Цара Иза вен кхел йийр ю. ТІаккха Иза хийрачу къаьмнийн нахе сийсазваккхийта дІалур ву. Цара Иза жІарах дІатухур ву. КхозлагІчу дийнахь Иза денвийр ву». ТІаккха цо Барраб дІахецийтира, ткъа Іийса, шед а еттийтина, церан кара дІавелира жІарах дІатохийтархьама. ТІаккха Пулата, халкъана луург а деш, Барраб дІахецийтира. Ткъа Іийса, шед а еттийтина, тІемалойн кара дІавелира жІарах дІатохийтархьама. „Адамийн КІант къинош летийначу нехан кара дІалур ву, жІарах дІа а тухур ву, амма кхозлагІчу дийнахь денлур ву“». Динан коьртачу дайша а, тхан хьаькамаша а вен кхел а яйтина, жІарах дІатохийтира Иза. Пасахьан деза де тІекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тІеваха веза хан тІекхаьчний хаьара Іийсана. Дуьненара Шенаш безара Іийсана, ткъа хІинца Шен безам ма-барра кІорггера гайтира Іийсас царна. ТІаккха Пулата цаьрга дІавелира Іийса, Иза жІарах дІатохийтархьама. Иштта Іийса, схьа а лаьцна, дІавигира цара.
Выбор основного перевода