Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кипа цу хенахь кертахь Іаш вара. Цунна тІе а еана, цхьана зуда-ялхочо элира: «Хьо а ма вара Галилайра волчу Іийсаца». Амма цо иза даре ца дира: «Суна ца хаьа, ахьа хІун боху». Иза кевнах араволучу хенахь вукху зудчо элира: «И стаг Назартарчу Іийсаца вара». Кипас юха а, дуй бууш, элира: «Суна и стаг ца вевза». Дукха хан ялале кхунна тІебаьхкира кхин а нах. Цара Кипига элира: «Хьо баккъалла а ву-кх царах, хІунда аьлча хьан къамело цунах тоьшалла до». Кипа юха а, дуйнаш а дууш, чІагІонаш ян волавелира: «Суна и стаг ца вевза». Эццахь нІаьна кхайкхира. ТІаккха дагадеара Кипина Іийсас аьлларг: «НІаьна кхайкхале, ахьа кхузза Со дІатосур ву». Иза, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира. Кипа цу кертахь, лахахь волуш, динан коьртачу ден цхьа зуда-ялхо еара цига. Вохлуш волу Кипа а гина, цо, леррина юьхь-дуьхьал а хьаьжна, элира: «Хьо а вара-кх Назартера Іийсаца». Амма Кипас дІахадийра: «Суна ахь хІун боху а ца хаьа, со кхета а ца кхета ахь бохучух». Иза а аьлла, Кипа кертан хьалха велира. ТІаккха нІаьна кхайкхира. Оццу зудчо, иза юха а гина, «ХІара а ву царах цхьаъ», – элира уллохь хІиттина болчаьрга. Кипас юха а тІе ца лецира цо бохург. Жимма Іийча, кхузахь лаьтташ болчара Кипе юха а элира: «Баккъалла а хьо ву-кх царах, хІунда аьлча хьо а ма-ву галилайхо». Ткъа Кипа, дуйнаш а бууш, чІагІонаш ян волавелира: «Ца вевза суна И стаг, аш вуьйцуш верг». ХІеттахь шозлагІа а нІаьна кхайкхира. ТІаккха дагадеара Кипина Іийсас шега аьлларг: «НІаьна шозза кхайкхале, ахь кхузза дІатосур ву Со». Кипа доггах вилхира. Цхьана йоІана-ялхочунна гира иза цІера юххехь Іаш. Леррина Кипе а хьаьжна, цо элира: «И стаг а вара Цуьнца». Амма Кипас элира: «Зуда, суна ца вевза Иза». Жимма тІаьхьо цхьаммо, хІара гина, элира: «Хьо а ву царах цхьаъ». «ХІан-хІа, вац», – жоп делира Кипас. Кхин цхьа сахьт хан яьлча, кхин цхьаммо а, тІедожош, элира: «ХІара билггала хилла Іийсаца, хІунда аьлча хІара а галилайхо ву». Кипас дуьхьало йира: «Стаг, ахь хІун дуьйцу ца хаьа суна», – аьлла. Цуьнан къамел чекх а далале, нІаьна кхайкхира. Веза Эла, юха а вирзина, нийсса Кипина тІе хьаьжира. ТІаккха дагадеара цунна Везачу Элан дешнаш: «Тахана нІаьна кхайкхале, Со кхузза дІатосур ву ахь». Кипа, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира. Іийсас жоп делира: «Хьайн са а дІалур ду боху ахь Сан дуьхьа? Бакъдерг боху Ас хьоьга: „НІаьна кхайкха а кхайкхале, кхузза Сох дІакъаьстар ву хьо“». Ткъа ШамІа-Кипа хІинца а вохлуш лаьтташ вара. ТІаккха элира цуьнга: «Хьо-м вац те Цуьнан мурдех?» «Вац», – аьлла, дІахадийра Кипас. Кипас лерг даьккхинчун гергара волчу, динан коьртачу ден ялхойх цхьаммо элира: «Хьо вацара Цуьнца цхьаьна бешахь суна гинарг?» Иштта Кипас юха а элира: «Вацара». Ткъа цу сохьта нІаьна кхайкхира.
Выбор основного перевода