Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ур-атталла сан уггар дикачу доттагІчо, ас тешаме лоручу а, соьца бепиг дууш волчу а, мекарлонца суна дуьхьал куьг айина. Ткъа сан мостагІа вац со емалвийриг – иза-м ас ловр дара. Суна кураллаш йийриг со цавезарг вац – цунах-м со къайлавер вара. Амма хьо ма ву иза, сан тайпанара верг – сан уллора доттагІа, со тешна Іаш верг. Вайшиммо вовшашка дагара а дуьйцура, адамийн тобанна юкъахь вайшиъ цхьаьна Делан цІийнан керта а воьдура. Мила тешна хир вара тхоьгара хезначух? Хьанна гайтина бара Везачу Элан нуьцкъала пхьарс? Иза Цунна хьалха, ховха маргІал санна, декъачу лаьттара хьалаболу орам санна, кхиъна ву. Цуьнгахь я куц а, я исбаьхьалла а яцара вайн тидам цунна тІебахийта. Цуьнга хьаьжча, цхьа а хІума дацара вай Цунна тІеозалуш долу. Нах ца баьшна а, наха дІатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгІазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тІера юьхь дІаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера. Амма, вайн эгІазаллаш тІе а лаьцна, Цо вайн лазарш дІадаьхьира. Ткъа вайна моьттура, Иза таІзар динарг, – Дала тоьхнарг а, Цо ницкъ бинарг а вара. Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таІзар дара Цунна тІехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта. Вай массо а тиладелла уьстагІий санна дара, хІора а шен-шен новкъа тІевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тІе вайн массеран а къинош а, бехк а. Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Цуьнан гІуллакх харц къасторна, Иза дІаваьккхира. Амма Цуьнан тІаьхьенах лаьцна хьан ойла йора? Дийначеран лаьтта тІера дІаваьккхина вара Иза. Сан халкъан къинош бахьанехь Цунна ницкъ бира. Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дІавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а. Амма Везачу Элан лаамехь дара Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а. Нагахь Шен синах Цо гІуда такхаран сагІа дахь, тІаьхьенах берш гур бу Цунна, Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо, ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца Везачу Элан лаам кхочушхир бу. Шен сино бала хьегначул тІаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тІекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тІехь дІа а хьур ду. Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна, ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо, Цо Шен дахар Іожаллина дІадаларна а, зуламхойх Иза дІатоьхна хиларна а. Цо дуккха а болчеран къинош дІа а даьхьира, зуламхошна тІера доІанаш а дора. ТІаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхІ-ворхІ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хІумма а дацахь а. Ткъа гІала а, Делан цІа а вогІур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТІаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тІаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тІекхаччалц тІом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш. Суна ямарта волчун куьг а ду Сайчунна уллохь стоьла тІехь. ТІаккха Іийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тІехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тІе куьг айина“, – боху дешнаш. Іийсас жоп делира: «Аса хІара баьпкан юьхк, кеда чу а Іоьттина, дІакховдон ерг ву». ТІаккха Іийсас баьпкан юьхк, кеда чу а Іоьттина, ШамІа-Искархочун кІанте ЯхІуде дІакховдийра. Ша гуттар а ма-ваххара, кхаа шоьтан дийнахь цу чу а воьдуш, Делан Йозанаш тІера масалш а далош, нахаца къамел дора ПахІала. Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахІала. ХІунда аьлча аса тІеэцна болу а, шуна дІабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тІера велла.
Выбор основного перевода