Toggle navigation
Главная
Переводы Библии
Комментарии к Библии
Библейские словари и энциклопедии
Новости
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Сделайте выбор
Комментарии Баркли
Новая Женевская Учебная Библия
Толкование Златоуста
Учебная Библия МакАртура
Толкование Жана Кальвина
Комментарии МакДональда к Библии
Серия комментариев МакАртура
Толкование Мэтью Генри
Толковая Библия Лопухина
Толкование Далласской семинарии
Толкование Блаженного Феофилакта Болгарского
Новый Библейский Комментарий
Комментарии Давида Стерна к Новому Завету
Комментарии Сперджена
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Новый Завет
Ветхий Завет
Бытие
Ветхий Завет
Книга Бытие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исход
Ветхий Завет
Книга Исход в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Левит
Ветхий Завет
Книга Левит в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Числа
Ветхий Завет
Книга Числа в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Второзаконие
Ветхий Завет
Книга Второзаконие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иисус Навин
Ветхий Завет
Книга Иисус Навин в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Судьи
Ветхий Завет
Книга Судьи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Руфь
Ветхий Завет
Книга Руфь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Царств
Ветхий Завет
Книга 1. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Царств
Ветхий Завет
Книга 2. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Царств
Ветхий Завет
Книга 3. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
4. Царств
Ветхий Завет
Книга 4. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 1. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 2. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Ездра
Ветхий Завет
Книга Ездра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Неемия
Ветхий Завет
Книга Неемия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Есфирь
Ветхий Завет
Книга Есфирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иов
Ветхий Завет
Книга Иов в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Псалтирь
Ветхий Завет
Книга Псалтирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Притчи
Ветхий Завет
Книга Притчи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Екклесиаст
Ветхий Завет
Книга Екклесиаст в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Песня Песней
Ветхий Завет
Книга Песня Песней в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исаия
Ветхий Завет
Книга Исаия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иеремия
Ветхий Завет
Книга Иеремия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Плач Иеремии
Ветхий Завет
Книга Плач Иеремии в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иезекииль
Ветхий Завет
Книга Иезекииль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Даниил
Ветхий Завет
Книга Даниил в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Осия
Ветхий Завет
Книга Осия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иоиль
Ветхий Завет
Книга Иоиль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Амос
Ветхий Завет
Книга Амос в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Авдий
Ветхий Завет
Книга Авдий в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иона
Ветхий Завет
Книга Иона в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Михей
Ветхий Завет
Книга Михей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Наум
Ветхий Завет
Книга Наум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аввакум
Ветхий Завет
Книга Аввакум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Софония
Ветхий Завет
Книга Софония в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аггей
Ветхий Завет
Книга Аггей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Захария
Ветхий Завет
Книга Захария в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Малахия
Ветхий Завет
Книга Малахия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Новый Завет
От Матфея
Новый Завет
Книга От Матфея в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Марка
Новый Завет
Книга От Марка в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Луки
Новый Завет
Книга От Луки в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Иоанна
Новый Завет
Книга От Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Деяния
Новый Завет
Книга Деяния в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иакова
Новый Завет
Книга Иакова в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Петра
Новый Завет
Книга 1. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Петра
Новый Завет
Книга 2. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Иоанна
Новый Завет
Книга 1. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Иоанна
Новый Завет
Книга 2. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Иоанна
Новый Завет
Книга 3. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иуды
Новый Завет
Книга Иуды в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Римлянам
Новый Завет
Книга К Римлянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Коринфянам
Новый Завет
Книга 1. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Коринфянам
Новый Завет
Книга 2. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Галатам
Новый Завет
Книга К Галатам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Ефесянам
Новый Завет
Книга К Ефесянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филиппийцам
Новый Завет
Книга К Филиппийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Колоссянам
Новый Завет
Книга К Колоссянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 1. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 2. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Тимофею
Новый Завет
Книга 1. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Тимофею
Новый Завет
Книга 2. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Титу
Новый Завет
Книга К Титу в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филимону
Новый Завет
Книга К Филимону в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Евреям
Новый Завет
Книга К Евреям в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Откровение
Новый Завет
Книга Откровение в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
← Предыдущая
От Матфея
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
1
Ша къамел дина ваьллачул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашка элира:
2
«Шуна хууш ду ши де даьллачул тІаьхьа „Пасахь“ олу деза де тІекхочуш дуйла а, Адамийн КІант жІарах дІатоха дІалур вуйла а».
3
ТІаккха динан коьрта дай а, къаной а Кайба цІе йолчу динан коьртачу ден кертахь схьагулбелира.
4
Цара барт бира Іийса хІилланца схьалаца а, вен а.
5
Амма цара элира: «Дезачу дийнахь дан мегар дац иза, адам карзах ца далийта».
6
Іийса Бет-ХІинехь чкъураца ца йоьрзу цамгар хилла йолчу ШамІин хІусамехь волчу хенахь,
7
Цунна тІееара, мехала кхаба карахь а йолуш, цхьа зуда. Иза шен кхаби чуьра хаза хьожа йогІу, механа чІогІа деза долу даьтта хиъна Іаш волчу Іийсана коьрта тІе дитта йолаелира.
8
И сурт шайна гича, Іийсан мурдаш резабоцуш хьаьвзира. Цара элира: «Муха лелор ду цу тайпана кхоам боцуш долу хІума?
9
Безачу мехах и даьтта дІа а доьхкина, цунах схьаэцна долу ахча мискачу нахана дІадала мегар ма дара».
10
Іийсас, Шена и къамел хезча, элира: «Эхь стенна хоьтуьйту аша цу зудчунна? Цо Суна динарг дика гІуллакх ду.
11
Миска нах шуна юххехь гуттар а хир бу, ткъа Со даим хир вац шуьца.
12
Сан дегІа тІе и мехала даьтта а доьттина, иза Со дІаволла хьалххе кечам беш ю.
13
Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тІехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».
14
Іийсан шийтта мурдах цхьаъ волчу ЯхІуд-Искархочо, динан коьрта дай болчу а вахана,
15
элира: «Суна хІун лур ю аша, аса Иза шайна дІалахь?» Цара ткъе итт дети ахча лур ду шаьш элира.
16
ХІеттахь дуьйна ЯхІуд-Искархо Іийса цаьрга дІавала аьтто лаха волавелира.
17
Совсазчу баьпкан дезачу денойн хьалхарчу дийнахь Іийса волчу баьхкира Цуьнан мурдаш. Цара элира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».
18
Цо элира: «ГІалахь Іаш волу а, ас хьоьга дуьйцуш волу а стаг волчу а гІой, цуьнга ала: „Устазо боху: ‘Сан хан тІекхочуш ю. Аса Сайн мурдашца Пасахьан деза де хьан хІусамехь даздийр ду’“».
19
Цара, дІа а бахана, Цо тІедиллинарг кхочушдира, тІаккха Пасахьан пхьор кечдира.
20
Суьйре тІекхаьчча, Іийса Шен шийтта мурдаца хІума яа охьахиира.
21
ТІаккха Іийсас элира: «Аса баккъалла а боху шуьга: шух цхьаммо Суна ямартло йийр ю».
22
ЧІогІа халахетарца уьш Цуьнга баха буьйлабелира: «Эла, со-м хир ма вац иза!»
23
Церан хаттарна жоп луш, Цо элира: «Соьца хІокху кеда чу куьг кховдийначо Суна тешнабехк бийр бу.
24
Ткъа Адамийн КІант, Делан Йозанашна тІехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дІавоьдуш ву. Амма декъаза ву Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гІоле яра!»
25
Тешнабехк бан кечвелла волчу ЯхІуд-Искархочо элира: «Хьуна иза со ву-м ма ца моьтту, Устаз!» Іийсас цунна жоп делира: «Иза ахьа боху!»
26
Цара хІума юучу хенахь Іийсас, бепиг схьа а эцна, доІанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дІа а кховдош, элира: «ДІаэца, даа, иза Сан дегІ ду шуна!»
27
Цул тІаьхьа кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, цаьрга дІакховдийра: «ДІамала массара а,
28
иза Сан цІий ду шуна, Делаца бина барт чІагІбеш долу, дуккха а нах къинойх цІанбархьама Іенар долу!
29
Амма Аса боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Сан Дас дІахІоттийначу Олаллехь керла малар шуьца молу де тІекхаччалц», – аьлла.
30
ТІаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тІе бахара уьш.
31
ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Тховса аша массара а Со дІатосур ву, яздина ма-хиллара: „Іуьнна чов йийр ю Аса, тІаккха жа юкъара уьстагІий шаьш дІасадовдур ду“.
32
Амма веллачуьра денвеллачул тІаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со».
33
ТІаккха Кипас Цуьнга элира: «Массара а дІатесча а, аса-м дІатосур вац Хьо».
34
Іийсас цуьнга элира: «Аса баккъалла а боху хьоьга: тховса нІаьна кхайкхале, Со кхузза дІатосур ву ахь».
35
ТІаккха Кипас Цуьнга элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дІакъаьстар вац». Изза вукхара а элира.
36
Іийса Шен мурдашца Гатшамани цІе йолчу метте веара. Цо цаьрга элира: «Кхузахь ховший Іе, Аса, хьуьлла а вахана, доІа дечу юкъана».
37
Цо Шеца Кипа а, Зевадин ши кІант а вигира. ЧІогІа сингаттаме а, йиш йоьхна а вара Иза.
38
Цо элира цаьрга: «Сан са Іожаллин гІайгІанехь ду. Аша кхузахь а совций, Соьца цхьаьна сема хан яккха».
39
Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доІа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тІехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла».
40
Шен мурдаш болчу тІевахча, уьш наб кхетта гира Цунна. Кипига Цо элира: «ХІун до аша? Цхьана сахьтехь мукъана а Соьца сема хила ца мегара шу?
41
Сема а хилалаш, доІа деш а хилалаш, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта. Са сема ду, ткъа дилха эгІаза ду».
42
Юха а, дІанехьа а ваьлла, Иза доІа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тІехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!»
43
Юхавеача, кхин цкъа бийшина карийра Іийсана уьш, хІунда аьлча церан бІаьрганегІарш дазделлера.
44
КхозлагІа а, дІанехьа а ваьлла, доІа дан хІоьттира Иза, изза дешнаш а олуш.
45
Шен мурдаш болчу тІе а веана, Іийсас цаьрга элира: «Шу хІинца а, наб еш, садоІуш ду? ЛадогІа Соьга: Адамийн КІант къинош летийначеран каравоьду хан тІекхаьчна.
46
Дуьйло, хьалагІовтта! ХІара ву Суна ямартло ен верг».
47
Іийсас иза олучу хенахь веана схьакхечира шийттаннах цхьаъ волу ЯхІуд. Цунна тІаьхьахІоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш динан коьртачу дайший, къаноший схьахьажийна хилла.
48
Іийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Аса барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – Иза схьалаца».
49
Цу сохьта Іийсана тІе а вахана, цо элира: «Маршалла ду Хьоьга, Устаз!» Цул тІаьхьа Цунна барт баьккхира.
50
Іийсас цуьнга элира: «Къонах, айхьа кхуза деана долу гІуллакх кхочушде». Цара Іийса, тІекхетта, схьалецира.
51
Кхуьнца хилла волчу цхьаммо, тур хьала а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочун лерг, тоьхна, тІерадаьккхира.
52
Іийсас цуьнга элира: «Батта чу дилла хьайн тур, хІунда аьлча шайн тарраш схьадаьхнарш берриш таррашца бойур бу.
53
Сайн Дега орца ца даккхалуш ву-м ца моьтту хьуна Со? Аса Шега хаам бинчу сахьтехь Цо маликийн шийтта сов эскар Суна гІоьнна доуьйтур дац моьтту хьуна?
54
Делан Йозанаш тІехь и шадерг иштта хила деза бохург кхочуш муха хир ду ткъа?»
55
Цу хенахь Іийсас гулбеллачаьрга элира: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со лаца. ХІора дийнахь Делан цІийнан кертахь Іаш ма вара шуна Со, хьехамаш беш, амма цу хенахь аша Со схьа ца лецира.
56
Ткъа и шадерг хилла пайхамарша яздинарш кхочушхилийтархьама». ТІаккха Цуьнан берриг а мурдаш, Иза ша волччохь а витина, бевдда дІабахара.
57
Іийса схьалаьцначара Иза динан коьрта да Кайба волчу дІавигира. Кхузахь гулбелла бара Іелам нах а, къаной а.
58
Іийсана гено тІаьхьа а хІоьттина, динан коьртачу ден керт йолчу схьавеара Кипа. Чу а ваьлла, гІаролхошца цхьаьна охьахиира, кхин дІа хІун хир ду хьожуш.
59
Ткъа Іийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара.
60
Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тІевеара.
61
Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цІа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дІахІотталур дара“».
62
ТІаккха динан коьртачу дас, хьала а гІаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хІунда до?»
63
Амма Іийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цІарах тІедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КІант волу Дала леррина Къобалвинарг?»
64
Іийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга: хІинца дуьйна схьа Адамийн КІант шуна гур ву Нуьцкъалчу Далла аьтту агІор хиъна Іаш а, стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а».
65
ТІаккха динан коьртачу дас, шена тІера бедарш а этІош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хІун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш?
66
ХІун хета шуна?» Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!»
67
Цхьаболчара юьхь тІе туйнаш детташ, вукхара буйнаш детташ, бетах тІара детташ,
68
мохь хьоькхура: «Хьо пайхамар велахь, алал, „Дала леррина Къобалвинарг“, муьлхачо туьйхира Хьуна?»
69
Кипа цу хенахь кертахь Іаш вара. Цунна тІе а еана, цхьана зуда-ялхочо элира: «Хьо а ма вара Галилайра волчу Іийсаца».
70
Амма цо иза даре ца дира: «Суна ца хаьа, ахьа хІун боху».
71
Иза кевнах араволучу хенахь вукху зудчо элира: «И стаг Назартарчу Іийсаца вара».
72
Кипас юха а, дуй бууш, элира: «Суна и стаг ца вевза».
73
Дукха хан ялале кхунна тІебаьхкира кхин а нах. Цара Кипига элира: «Хьо баккъалла а ву-кх царах, хІунда аьлча хьан къамело цунах тоьшалла до».
74
Кипа юха а, дуйнаш а дууш, чІагІонаш ян волавелира: «Суна и стаг ца вевза». Эццахь нІаьна кхайкхира.
75
ТІаккха дагадеара Кипина Іийсас аьлларг: «НІаьна кхайкхале, ахьа кхузза Со дІатосур ву». Иза, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.
← Предыдущая
От Матфея
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО