Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайга цхьаммо хаттахь, аша ала деза: „Уьш Элана оьшуш ю. Цо уьш сихха юха схьаялайойтур ю“». Ша стигала хьалаоьцу волу хан тІекхача йоьлча, Іийсас сацам бира Ярушалайме ваха. Цунна дуьхьал Іийсас элира цаьрга: «Сан хан хІинца а тІе ца кхаьчна, ткъа шун хан гуттара а ю. Шу гІо шайна и деза де даздан. Сан хан хІинца а тІе ца кхаьчна дела, Со ца воьду цига». Иштта къамел деш вара Іийса Делан цІийнан кертахь хазнина уллохь, Ша хьехамаш бечу хенахь. Цхьаммо а схьа ца лецира Иза, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІекхаьчна яцара. Іийсас, жоп луш, элира цу шинга: «ТІекхаьчна Адамийн КІентан сийлалла дІагойту сахьт. Пасахьан деза де тІекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тІеваха веза хан тІекхаьчний хаьара Іийсана. Дуьненара Шенаш безара Іийсана, ткъа хІинца Шен безам ма-барра кІорггера гайтира Іийсас царна. Ткъа хІинца тІекхоччуш лаьтта, тІекхаьчна а даьлла и сахьт, шу дерриш а дІаса а даьржина, хІора а шайн-шайн цІа а вирзина, Со цхьа а вуьтуш. Амма Со цхьа вац, Соьца Сан Да волу дела. И дешнаш а аьлла, Шен бІаьргаш стигала хьала а хьажийна, Іийсас элира: «Дада! ТІедеана и сахьт. Гайтахьа Хьайн КІентан сийлалла, Цуьнга а Хьайн сийлалла гайтийта.
Выбор основного перевода