Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара. ТІаккха динан коьртачу дайша а, парушхоша а, коьртачу кхеташо а гулйина, элира: «ХІун дийр дара те вай? ХІунда аьлча хІокху Стага дукха тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш ма гойту? Нагахь вай Иза иштта витахь, массо а нах Цунах тешар бу. ТІаккха, римхой а баьхкина, цара вайн Делан цІа а, вайн халкъ а хІаллакдийр ду». Царах цхьаммо, цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбас, элира: «Шуна хІумма а ца хаьа, я шу кхета а ца кхета шайна гІоле йолчух. И цхьа стаг массо а халкъан дуьхьа валар гІоле ю, дерриг халкъ хІаллакьхуьлучул». Иза Кайбас ша-шегара ца элира. Амма ша цу шарахь динан коьрта да хиларна, цо Делера болу хаам бовзуьйтуш, аьллера, Іийса вайн халкъан дуьхьа лийр ву аьлла. Амма халкъан дуьхьа хилла а ца Іаш, дІасадаьржина долу массо а Делан бераш схьа а гулдина, уьш цхьаьнатохархьама а хила дезаш дара иза. Цу дийнахь дуьйна Іийса вен сацам бира цара.
Выбор основного перевода