Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со ца везначу массара а вовшашна юкъахь сох лаьцна шабар-шибарш до. Уггар а вониг сох лаьцна дага а лоьцуш, цара вовшашка олу: Парушхой, вовшах а кхетта, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира. Ахьа аьлла Хьайн ялхо волчу тхан ден а Даудан багахула Делан Синца: „Хийрачу мехкашкара нах карзах хІунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хІунда лаьцна? Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара“. Билггала, хІокху гІалахь ХІарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Іийсана кхел ян. Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тІедиллинарг кхочушдира цара.
Выбор основного перевода