Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Іийсас элира: «Шаьш хІун доьху а ца хаьа шуна. Аса молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга?» «Бу», – элира цара. ХІунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву. «Ткъа хІинца Сан са карзахдаьлла. ХІун ала те Ас? „Дада, кІелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со. Іожаллина тІекхаччалц Далла муьтІахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖІара тІехь Ша валлалц, муьтІахь висира Иза. Лаьтта тІехь долчу Шен дахарехь Іийсас чІогІачу белхарца а, бІаьрхишца а доІанаш а, дехарш а дора Ша Іожаллех кІелхьарваккха йиш Йолчуьнга. Далла дІахезира Цуьнан доІанаш, хІунда аьлча Іийсан Деле болу ларам боккха бара. Ша Делан КІант хиллехь а, ерриге а лайначу халонашкахула Іемина Иза Далла муьтІахь хила.
Выбор основного перевода