Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь лена я гІарбашна старо маІаш Іиттахь, церан хІусамдена сту болчо ткъе итт дато ахча дала деза, ткъа сту, тІулгаш а кхиссина, бен беза. Ас иштта элира цаьрга: «Шайна тамехь делахь, сан алапа суна схьало, нагахь санна дацахь – ма ло». ТІаккха цара алапина лерина долу ткъе итт дети ахча делира суна. Везачу Эло соьга элира: «Уьш пхьерана дІало – иза Сох хІоттийна болу лаккхара мах бу!» И ткъе итт дети ахча, схьа а эцна, ас Везачу Элан цІийнан пхьерана дІаделира. Ткъа динан коьртачу дайша а, парушхоша а нахе омра дира, нагахь цхьанна Іийса мичахь ву хаалахь, И волу меттиг схьайийца аьлла, Иза лацархьама.
Выбор основного перевода