Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайна еттачарна букъ кІелхІоттийра Ас, ткъа Сайн маж дІаийзочарна – беснеш. Ас юьхь дІа ца лачкъийра, Сайна дов деш а, шеташ етташ а. Нах ца баьшна а, наха дІатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгІазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тІера юьхь дІаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера. Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таІзар дара Цунна тІехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта. Цара Цунна тІе туйнаш детта долийра, тІаккха Цуьнан карара Іаса, схьа а яьккхина, Цуьнан коьртах етта йолийра. Цул тІаьхьа, Іийсана тІе а хІуьттуш, наха олура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» ТІаккха цара Цуьнан юьхь тІе еттара.
Выбор основного перевода