Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас дийнатех даьлла ах цІий кедаш чу доьттира, ткъа вукхуьнца сагІа даккха меттиг тІадийра. Шаьш Везачу Элаца бина барт тІеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтІахь хир ду тхо». Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо. ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тІаьхьенца а, ЯхІудан тІаьхьенца а керла барт бен долу. Ткъа Сан халкъ долчу хьох лаьцна аьлча, Айса хьоьца цІийца чІагІбина бинчу бертан дуьхьа кхечу махка йийсаре дІабигна хьан нах, хи доцучу ор чуьра санна, арабохур бу. Адамийн КІант а ма ца веана Шена хьалхара гІуллакх дайта. Иза нахана гІуллакх дан а, Шен дахар дІадала а веана, дукхахболчеран къинош дІатакхархьама». Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама». Цо элира: «Дала кхочушбе аьллачу бертан цІий ду хІара».
Выбор основного перевода