Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнга бохура: «ХІей, Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь иза юха дІахІоттош верг! Хьо Делан КІант велахь, кІелхьарвала хьажа, охьавосса жІаран бІогІамна тІера!» Іийсас жоп делира царна: «Аш хІара Делан цІа дохаде, ткъа Ас кхаа дийнахь дина дІахІоттор ду иза», – аьлла. ТІаккха динан куьйгалхоша элира Цуьнга: «ХІара Делан цІа шовзткъе ялх шарахь дина дІахІоттийна, ткъа Ахь кхаа дийнахь дІахІоттор ду иза?» Амма Іийсас Делан цІийнах лаьцна бохург Шен дегІах лаьцна бохург дара. Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Іийсас хІара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гІиллакхаш а хуьйцур ду“».
Выбор основного перевода