Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со гуш болу берриш а кхаьрда сох. Цара, кортош а лестош, кхиссарш йо: «Везачу Элах тешна ма вара иза – Цо иза кІелхьарваккха веза-кх. Везачу Эло иза паргІатвоккхийла, Ша цунна реза велахь». ЖІаьлех тарбеллачу наха го бина суна, буьрсачу арданго го лаьцна сан. Цара цергаш чекхъяьхна сан куьйгех а, когех а. Ерриге а даьІахкаш ягаръялур ю сан. Нах, суна тІе а хьоьжуш, боьлу сох. Цара вовшашлахь йоькъу сан тІеюху хІуманаш, кхаж а тосу цара, сан коч хьанна кхочу хьожуш. Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дІавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а. Іийсас жоп делира царна: «ХІаъ, хьалха билггала Эли-ЯхІу-пайхамар ван веза, массо а хІуманна тІехь низам хІотторхьама. Ткъа Адамийн КІантах лаьцна яздина хІунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла? ТІаккха Іийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?» Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас. «ХІара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тІехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тІехь а, Забурана тІехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо. Цул тІаьхьа церан хьекъал кІаргдира Цо, Делан Йозанах уьш дика кхетийтархьама. Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла. Цул тІаьхьа дерриг а кхочушхилла даьллий хууш вара Іийса. ТІаккха, Делан Йозанашна тІехь яздинарг кхочушхилийтархьама, Цо элира: «Хьогах ву Со».
Выбор основного перевода