Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхІуд-махкана тІегІоьртира. Кхаа шарахь Іийра ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кІел. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. Шун латта дассаделла, гІаланаш цІеро ягийна, шун кхаш хийрачу наха дассош ду шун бІаьргашна хьалха. Дерриг а дассаделла, Дела хийрачу нахана тІелетча санна. Цо яьккхина гІовгІа лоьман санна ю, цо до гІигІ къоначу лоьмийн Іахарх тера ду. МостагІчо, гІигІ а деш, бовда гІерта нах схьалоьцу, цхьаммо а уьш цуьнгара схьабохур бац. Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хІаллакден долчу а Эдоман халкъана тІедуссуш ду иза». Цунна гІигІ деш дІахІиттинчу къоначу лоьмаша, ижу а яьккхина, гІовгІа йора. Исраилан мохк бассийна цара. ГІаланаш ягийна, царна чохь халкъ а ца дисина. Цундела хьуьнхара лом царна тІе кхетар ду, аренгарчу барзо а уьш цоьстур бу, цІоькъаберг а церан гІаланашна уллохь кІелхуур ю, царах араваьлларг ватІорхьама, цара лелийна зуламаш совдовларна а, церан тешнабехк хилар доккха хиларна а». Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хІокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хІаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу. Хьалхарниг лом санна дара, амма аьрзунан санна тІемаш дара цуьнан. Со хьийжира цуьнга, цуьнан тІемаш схьа а даьхна, иза лаьттара хьалаайалц. И экха, адам санна, ирахІоттийра. Цул тІаьхьа цунна адаман кхетам белира.
Выбор основного перевода