Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. Иштта Ярушалайм техкаш ю, ЯхІудан халкъ дужуш ду! Цара мел олург а, дийриг а Везачу Элана дуьхьал ду. Цуьнан сийлаллица Иза хьоьжуш хилар дола хета царна. МостагІчун пхерчий ира ду, Іедаш дуьйлина ду, цуьнан говрийн бергаш мокхазах тера ю, гІудалкхийн чкъургаш, мох санна, хьийзаш ю. ХІара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тІехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цІуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дІайолу. Цийонна тІехь тийжам хеза: «Вай баккъалла а хІаллакьхилла, вай баккъалла а юьхьІаьржачу хІиттина. Вайн мохк бита безаш ду вай, вайн цІенош дохийна дІадаьхна». qac Уqac*ьш, тхуна тІаьхьабевлларш, стигаларчу аьрзунел а чехка бара. Лаьмнашкахула тхуна уьш тІаьхьабевлира, яьссачу аренгахь тхуна цара кІело а йира. Церан говраш цІоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богІу, церан дошлой геннара схьабогІу. Ижуна тІекхета аьрзу санна, тІемабевлла схьабогІу уьш.
Выбор основного перевода