Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен оьгІазаллин цІе хьажийра Цо царна тІе, хІаллакдаран геланчийн жІуга санна, дералла а, эргІаддалар а, халонаш а йоуьйтуш. ХІинца оьгІазаллица а, йогучу дераллица а тІедогІуш ду Везачу Элан буьрса де. Лаьттах яьсса аре ян а, цу тІера къинош летийнарш дІабаха а догІуш ду и де. Стигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагІоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц. Ас дуьненна таІзар дийр ду цо динчу вонна дуьхьал, ткъа Іесачарна шаьш летийначу къиношна доггІург дийр ду. Ас курачийн дегалла дІайойур ю, ницкъбечеран деза деттар сийсаздийр ду. Дийна бисина нах цІеначу дешил сов кІезиг хуьлуьйтур бу Ас, Апарера деъначу дешил а кІезиг адамех диснарш дийр ду Ас. Берриг а ницкъийн Везачу Элан дералла бахьана долуш, Цуьнан чІогІачу оьгІазаллин дийнахь, Цо стигал ластор ю, латта а ша долчуьра меттахдер ду. Массо а ницкъийн Везачу Эло цу дийнахь делха а, латкъам бе а, месаш дІахедае а, шайна тІе сингаттаман барзакъ духа а бохура шуьга. Сан хьоме къам! ТІеюха хьайна сингаттаман бедарш, тІетаса хьайна чимаш. Хьайн цхьаъ бен воцучу кІентан докъана ма-елххара, доггах елха. ЦІеххьана хІаллакдийриг вайна тІелетар ву». Везачу Элан оьгІазалла дІаер яц, Цо дан мел леринарг чекхдаккхалц. ТІедогІуш долчу деношкахь шу цунах кхетар ду. qac Кqac*ъаной ма бу бист ца хуьлуш хевшина, Цийонан йоІан къаной лаьтта тІе охьахевшина. Цара шайн кортошна тІе ченаш а ма тийсина. Сингаттаман бедарш цара догІмаш тІе а юьйхина. Ярушалайман йоІарша а, гІайгІанехь дІа а хІиттина, халахетарца кортош шайн охьадахийтина.
Выбор основного перевода