Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьмнашна ас белхар хІоттор ду, яьссачу аренгахь долчу дежийлашна тийжар хІоттор ду ас. Цхьана а стага цаьргахула некъ ца баккхарна, уьш дассийна ду. Бажа Іоьхуш цигахь ца хеза, стигалара олхазарш цигара дІадахара, бежанаш цигара дІадахара. Къилбаседера къам Бавел-махкана тІегІертар ду, цунах яьсса аре а йина, дІа а хІоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дІагІур ду». Ас дойур ду адамаш а, хьайбанаш а, иштта стигалара олхазарш а, хІорда чуьра чІерий а дойур ду, Іесачу нахаца цхьаьна адамаш галболуьйту цІуш а дІабохур бу. Ас лаьтта тІера адамаш хІаллакдина дІадохур ду, – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода