Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Хьайн боккхачу къинхетамца Ахьа уьш массо а хІаллак а ца бира, уьш Ахьа дІа а ца тесира, хІунда аьлча Хьо дика а, къинхетаме а Дела ву! Хьала а гІовтта, цуьнан кемсийн бошмашкахула дІа а гІо, уьш йоха а еш. Амма кхоччуш уьш йохо ца оьшу – керла гаьннаш дІа а даха, хІунда аьлча уьш Везачу Элан дац. Амма цу деношкахь а Аса шу массо а хІаллакдийр дац, – боху Везачу Эло. – И латта цара доха ма дина, хІинца иза дакъийна а, дассийна а ду. Берриг мохк а яьсса аре ю, цунна дола дан стаг а вац. Яьссачу аренгахь йолчу массо а ерзинчу лакхенашкахула мостагІий схьабаьхкина, хІуманаш хІаллакьярхьама. Везачу Элан туьро нах дІакхоллу, мехкан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Цхьа а машарехь Іаш вац. хІунда аьлча Со шуьца ву, шу кІелхьардохур ду – боху Везачу Эло. – Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца шуна таІзар дийр ду». Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – Со хьоьца волу дела. Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш, дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца Шуна таІзар дийр ду». ХІинцале а шайна чохь адамаш дехаш йолу ерриг а гІаланаш хІаллакйийр ю, дерриг а латта дассалур ду. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“». Цхьаболу зударий а, божарий а дийна а буьсур бу, цу гІали чуьра уьш арабохур а бу. Уьш шу долчу арабевлча, шуна гур ду церан ирча лелар а, вон гІуллакхаш а. ТІаккха шуна синхьаам хир бу Аса Ярушалаймана мел бинчу бохамех.
Выбор основного перевода