Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Довда, шайн дахар кІелхьардаккха, бен-яманхой! Довдий, дІагІо Ярушалайм-гІалара! ТакхоІ-гІалахь коьман маІа лакха! ЦІарца орца даккха Байт-КІарам-гІалахь! Къилбаседехьара боккха бохам а, доккха хІаллакьхилар а тІегІерташ ду. «Вай кхузахь хІунда Іа? ХьалагІовтта, чІагІйина йолчу гІаланашка дІадахийта вай, цигахь лийр ду вай! Вайн Везачу Дала Іожаллин кхел хадийна вайна. Цо дІаьвше хи муьйлуьйту вайга, Цунна дуьхьал вай къинош летийна хилар бахьана долуш. «Коьман маІаца дІакхайкхаде ГебаІ-гІалахь, турбанца дІакхайкхаде Рама-гІалахь, орца даккха Байт-Аван-гІалахь! Бен-Яман, мостагІа хьуна тІаьхьа вогІуш ву!
Выбор основного перевода