Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Уьш кхерабелла хир бу, чІогІачу лазарша дІалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. «Дуккха а хенахь вист ца хуьлуш Іийра Со, садетташ а, собаре хилла а Іийра. Амма хІинца, бер дечу зудчо санна, Ас мохь хьокхур бу, Сан садукъалур ду. Ярушалайман бахархоша элира: «Царах лаьцна тхайга хаам кхаьчча, кхераделла, доьхна хьийзаш дара тхо. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара тхоьгахь. ХІун эр ду ахьа, ахьа айхьа Іамийна болу бартхой Везачу Эло хьуна тІехь хьаькамалла дан дІахІиттийча? Цундела лоцур юй те хьо лазарша, берах хьийзош йолу зуда санна? qac Сqac*атуьйсуш, кхийдадо шен куьйгаш Цийоно, амма вац-кха цуьнан догъэца цхьа а. Якъубан халкъах лаьцна Везачу Эло омра дина, цуьнан лулахойх Цо мостагІий цунна бина. Царна юкъахь Ярушалайм-гІала дІахІоьтти-кх сийсазниг а хилла. qac Хqac*ьажахьа соьга, Веза Эла, дог доьхна со хиларна, Суна чохь мел йолу хІума егаеш дІахІоьтти. Дог а меттахдаьлла сан, Хьуна ас дуьхьало ярна. Арахьара деанчу туьро сайн берех со яьккхи. ЦІера хьал, ялар санна, ма ду сан хІинца.
Выбор основного перевода