Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Малхбалехьарчу мохо санна, дІасадаржор ду Аса и халкъ цуьнан мостагІашна хьалха. Царна бохам тІекхаьчначу дийнахь, Сайн юьхь ца гойтуш, букъ берзор бу Аса царна». Иштта боху Везачу Эло: «Ас Бавелна а, Лев-Кхамай-мехкан бахархошна а тІе хІаллакбо мох хьокхуьйтур бу. Ша дІайийначохь хьалакхуьур юй те иза? Якъалур-м яц те иза, малхбалера схьа мох хьаькхча? Ша дІайийначохь иза якъалур ма ю!’“» Эпрайман халкъ кхидолчу Исраилан халкъашна юкъахь дебнехь а, малхбалера онда мох схьахьоькхур бу. Везачу Элан мох яьссачу аренгара схьабогІур бу. Эпрайман халкъан шовда дакъалур ду, цуьнан хьоста а лекъар ду. Оцу мохо талхор ду сайрана чохь долу массо а деза сурсаташ.
Выбор основного перевода