Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриге а хьан тхьамданаш цхьаьна бевдира, амма уьш, Іад а ца кхуссуш, лийцира. Уьш берриш а йийсаре кхаьчна, мел гена бевдда хиллехь а. Цундела боху ас: «Вита со, со доггах воьлхур ву. Ма гІерта сан догъэца, сан хьоме халкъ дакъазадаккхар бахьана долуш». ХІоттийначу суьртан тогІи чохь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло цхьа де билгалдаьккхира. Оцу дийнахь нах карзахбаьхна хир бу, вовшийн хьоьшуш хир бу, уьш дарбелла хир бу. Наха гІалин пенаш кегдийр ду, цара хьоькху маьхьарий лаьмнашкахь хезаш хир ду. Инзар а довла, тамаш а бе. Шаьш бІаьрзе а де, бІарзделла а хила. Уьш бехна бу, амма чагІаро ца дина иза, уьш лесташ бу, амма нихано ца дина иза. Везачу Эло шуна чІогІа наб яийтина. Цо дІакъевлина шун бІаьргаш (уьш пайхамарш бу), Цо дІахьулдина шун кортош (уьш хиндерг гушберш бу). Ас дуккха а халкъаш Іадор ду, церан паччахьаш чІогІа кхералур бу, Ас шайна хьалха Сайн тур ластийча. Хьо боьжначу дийнахь берриг а паччахьаш, кхоьруш, бегош хир бу, царах хІорра а, шайн дахар бахьана долуш, кхоьруш хир бу».
Выбор основного перевода