Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со гонах дІасахьаьжча, цигахь цхьа а адам дацара, стигалара олхазарш а дІадаханера. Эскархойн карахь гоьмукъаш а, секхаІедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богІучу хенахь, карзахбаьллачу хІордах тера бу. ТІамана кийча бу уьш. Церан Іалашо – хьуна тІелатар ю, Цийонан йоІ». «Кестта Аса дуккха а чІерийлецархой хьажор бу цига, – боху Везачу Эло. – Цара и нах схьалоьцур бу. Цул тІаьхьа Аса иччархой бохуьйтур бу, цаьрга и нах массо а лаьмнашкара а, гунаш тІера а, тархашна юккъехь йолчу хераллашкара а дІабахийта.
Выбор основного перевода