Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха а Везачу Элан дош кхечира соьга: «Ярми-ЯхІу, хІун го хьуна?» Аса жоп делира: «Суна кхехкаш болу яй го, къилбаседехьара жимма агІор таьІна болу». Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тІехъоьхур бу. Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, – боху Везачу Эло. – Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гІанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахІиттор ду. ГІалин пенашна а, иштта ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашна а тІелетар ду уьш. Довда, шайн дахар кІелхьардаккха, бен-яманхой! Довдий, дІагІо Ярушалайм-гІалара! ТакхоІ-гІалахь коьман маІа лакха! ЦІарца орца даккха Байт-КІарам-гІалахь! Къилбаседехьара боккха бохам а, доккха хІаллакьхилар а тІегІерташ ду. Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам.
Выбор основного перевода