Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьаберш Іовдалш бара, гІело а хьоьгуш, шайн зуламе некъаш а, шаьш летийна къинош а бахьана долуш. Иштта боху Везачу Эло: «Мичахь ду шун ненан дІасакъастаран кехат, Ас иза дІайохуьйтуш цуьнгахь хилла долу? Я Сайна духалург ахча деллачух хьанна доьхкина Ас шу? Шу доьхкина ду, шайн къинош бахьана долуш. Шун зуламаш бахьана долуш, дІаяхийтина ю шун нана. Амма хьоьга беъначу баланан бахьана хьо хьуо ду. Хьан Веза Дела волчу Аса хьо нийсачу новкъахула далош дара, амма хьо Суна уллора дІаделира. Ахьа мел динчу воно хьуна таІзар дийр ду, хьан тешнабехке хиларо хьуна тІехдеттар ду. Ойла ехьа, хаа ду хьуна, Везачу Элах хьо дІакъаьстина хилар а, Суна хьалха хьо ларамах дуьзна цахилар а, мел вон а, къаьхьа а ду иза». – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода