Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтІахь хиларна дийр ду Ас хьуна». Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гІуллакх а ма де, Цуьнан цІарах бен дуйнаш а ма баа. Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хилалаш, Цунна цхьанна гІуллакх делаш. Цуьнгахьа дирзина хилалаш, Цуьнан цІарах бен дуйнаш ма баалаш. Абаденналц цуьнан цІе йиц ма лойла. Дуьненахь малх мел кхета иза цІеяхана хуьлийла. Цуьнан цІарах халкъаша вовшийн декъалдойла. Царна массарна а иза декъалвина хетийла. Исраилан тІаьхьенах болу берриш а Везачу Эло бакъбина хир бу, Цунах цара дозаллаш дийр ду». Лаьтта тІехь шена декъалвар доьхуш волчо бакъдолчун Дала ша декъалвар доьхур ду. Лаьтта тІехь дуй бууш волчо а бакъдолчун Делах дуй буур бу, хІунда аьлча хьалхалера сингаттамаш бицбина а, Сан бІаьргашна хьалхара къайлабаьхна а хир бу». Сан къоман некъаш цара баккъалла а Іамош делахь, дийна волчу Везачу Элах цара дуй бууш хилахь (дІаяханчу заманахь цара Сан халкъ БаІалах дуй баа Іаморе терра), тІаккха церан, Сан къомана юкъахь а Іаш, аьтто хир бу. Цундела ма яздина Делан Йозанаш тІехь: «Ша дозалла дечо – Везачу Элах дозалла де».
Выбор основного перевода