1
«Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тІекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТІаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тІедогІун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац.