Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чІагІонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо? Оцу дийнахь марсбаьллачу хІордо ен гІовгІа санна лаьтта тІехь мостагІа гІергІаш хир ву. Нагахь санна цхьаъ лаьтта хьаьжча, цунна бода а, бала а гур бу, ткъа мархаша серло дІакхоллур ю. Ас стигалш боданехь дІахьулйо, сингаттаман духар тІе а тосий». «Ткъа ахьа, Ярми-ЯхІу, и къоман дуьхьа Соьга доІанаш ма де, царах къинхетам бар а ма деха Соьга, хІунда аьлча Суна хьан доІа хезар дац. амма и къам ша лелийначу вонах дІадерзахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац. И хІума бахьана долуш хІара латта тийжар ду. Лаьтта тІехь бехачу массеран а гІора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хІордан чІерий а хІаллакьхир ду.
Выбор основного перевода