Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн дегнийн дуьхьлара пардо дІахададейша, ма хилийша кхин дІа а юхахьара. Шена тІера шу дІадерзарна, аш дечу муьлххачу гІуллакха тІехь Везачу Эло неІалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хІаллакьхилла дІадовллалц. Шун Везачу Дала шун а, шун тІаьхьенан а дегнаш тІера пардонаш дІахедор ду, шайн Веза Дела шуна доллучу дагца, доллучу синца везийтархьама а, шу дахийтархьама а. «Варелаш, хан тІейогІур ю, – боху Везачу Эло, – шайн догІмашкахь бен сунт ца биначарна Ас таІзар ден йолу. Мисар-махкарчу а, ЯхІуд-махкарчу а, Эдом-махкарчу а, Іаммин-махкарчу а, Муаби-махкарчу а, иштта яьссачу аренгахь бехаш болчу шайн гиччош тІера месаш лоргуш болчу нахана тІехь Аса таІзар дийр ду, хІунда аьлча массо а и къаьмнаш баккъалла а сунтдина дац, ткъа Исраилан массо а тІаьхье цуьнан дагахь сунтдаза ю». Даудан тІаьхье! Везачу Эло иштта боху: хІора дийнахь кхел е, гІело хуьлуш верг цуьнан мостагІчух кІелхьар а воккхуш. Иза аша ца дахь, Сан дералла, цІе санна, летар ю, аша лелош долу вониг бахьана долуш. Сан оьгІазалла йогуш хир ю цхьаьнгге а дІаяйалур йоцучу тайпана. Нагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тІера даккха – заьІап а волуш, Далла гергахь вахар гІоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цІергахь а вогуш. цу чохь „уьш бууш болу нІаьна а лийр бац, уьш багош йолу цІе дІа а йойур яц“. ТІехьаьжча, тера леларх жуьгти хир ма вац, ткъа сунтвар дилхан тІера чкъор даккхар бен ма ца хуьлу. Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу.
Выбор основного перевода