Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хино дІайоху модаш санна, дІаяхахьа сан харцонаш, сан къинойх цІанвехьа со. Ярийн курсаца цинцаш тохахьа суна тІе, тІаккха со цІена хир ву, хих ваккхахьа со, тІаккха лонал а кІайн хир ву со. Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. ЛадогІал, латта! Аса ЯхІудан халкъана тІе боккха бала боуьйтур бу. Ткъа и бала цара йина ойланаш бахьана долуш хир бу, хІунда аьлча цара Аса аьллачуьнга тидам а ца бира, ткъа Сан товрат-хьехам дІа а теттира. Суна гина хьан боьха лелар а, говр санна, хьо оре еана хилар а, гунаш тІехь а, аренашкахь а ахь лелийна хьан кхахьпалла а. Суна гина хьан дегаза цІушна Іамалъяр. Ма бала богІур бу хьуна тІе, Ярушалайм. Ма кестта цІанъелла дІахІуттур яц хьо». Далла улло гІо, Иза а шуна улло вогІур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цІанде.
Выбор основного перевода