Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу ИзраІал-гІала кхечира. Ткъа Изабал, шена и хаам беанчу хенахь, бІаьргашна тІе басарш а хьекхна, шен месаш то а йина, корехула арахьоьжуш лаьтташ яра. ХІун эр ду ахьа, ахьа айхьа Іамийна болу бартхой Везачу Эло хьуна тІехь хьаькамалла дан дІахІиттийча? Цундела лоцур юй те хьо лазарша, берах хьийзош йолу зуда санна? «Ливанунан лаьмнаш тІе а валий, мохь тоха! Башан-махкахь мохь а бетта, Ярушалайман халкъ, Іабариман лаьмнаш тІера хьан аз а айде. хІунда аьлча массо а хьан бартхой эшийна бу. Хьан массо а баьчча мохо дІахьур ву, ткъа хьан бартхой йийсаре буьгур бу. ТІаккха хьо юьхьІаьржачу хІуттур ву, айхьа мел лелийна зуламаш бахьана долуш. qac Бqac*уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БІаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тІехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагІий а ямарта хили цунна. МостагІий а хилла, дІахІитти-кх уьш цунна. qac Хqac*олчу хІоьттинчу хенахь сайн накъосташка кхайкхира со. Амма цара, ле а йина, Іехийра со. Сан динан дай, сан къаной, шайн са кІелхьардаккхархьама, шайна напха а лоьхуш, лечу хьола тІе бевлла. Иза дина а ца Іаш, цара кхечу мехкашкара баьхкинчу нахана тІаьхьа шайн геланчаш бохуьйтура. Уьш схьабаьхкича, хьо, хьайн юьхь а юьлий, бІаьргашна басар а хьокхий, хьайна тІе жовхІарш а духий, дІахІуттура.
Выбор основного перевода