Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІоргачу цхьана хино вукху хине Хьан чухчарийн аьзнашца кхайкхамаш бо. Дерриг Хьан хиш а, Хьан тулгІенаш а суна тІехула чекхъевлла. Сан четар хІаллакдина, массо а цуьнан тІергаш дІаяьхна. Сан бахархой со йолчуьра дІабахана, уьш кхузахь кхин бац. Четар дІахІоттош суна гІо дан стаг а вац, иштта четаран шаршуш дІатоха стаг а вац». Цхьа сингаттам дІабалале важа сингаттам схьакхочур бу, цхьа ирча кхаъ схьакхаьчна балале важа а кхочур бу. Цара пайхамаршка хоьттур ду, амма царна суьрташ хІуьттур дац. Динан дайшка нахана товрат Іамалур дац, къаношка царна хьехам а балур бац.
Выбор основного перевода