Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь санна майрачо дІаяхийтина йолу зуда, кхечуьнга маре яхча, цуьнан хьалха хилла майра иза йолчу юхавоьрзур вуй те? Бехлур барий те и хІума дича мохк? Исраилан халкъ, дуккха а безаргашца лелла хьо, ткъа хІинца Со волчу юхадерза лууш ду хьо? – боху Везачу Эло. – Везачу Эло боху: «Со волчу юхадерза, Сох дІадирзинарш! Сайх дІакъастаран цамгарх Аса дарба дийр ду шуна. Ала Соьга: „Тхо Хьо волчу дІадогІу, Хьо тхан Веза Дела волу дела. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло, Исраилан Дала: хийца шайн дахар а, шайн гІуллакхаш а. Шайга бохург аша дахь, Аса кхузахь даха дуьтур ду шу. Аса хІокху лаьтта тІехь даха дуьтур ду шу. ХІара латта Аса шун дайшна дІаделла ду, церан тІаьхье абаденналц цу тІехь яхийта. Амма Везачу Эло хІинца а боху: «ТІедерза Суна цІеначу даггара шаьш кхобучу мархица, дечу белхарца, тийжарца.
Выбор основного перевода