Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхІу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХІун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?» Хьузакх-ЯхІус жоп делира: «Уьш генарчу Бавел-махкара баьхкинера», – аьлла. Цундела хьуьнхара лом царна тІе кхетар ду, аренгарчу барзо а уьш цоьстур бу, цІоькъаберг а церан гІаланашна уллохь кІелхуур ю, царах араваьлларг ватІорхьама, цара лелийна зуламаш совдовларна а, церан тешнабехк хилар доккха хиларна а». Исраилан халкъ, – боху Везачу Эло, – Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тІелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац. Цуьнан аьтту куьйга, Ярушалайме гІо аьлла, кхаж бер бу. Иза, оцу кхоже хьаьжжина, цигахь оганаш херцош долу бІогІамаш дІахІитто а, адам хІаллакде, аьлла омра дан а, тІеман орца даккха а, гІалин кевнаш дохо гІирс дІахІотто а, гІалин гонах лаьттан гунаш дан а, гІала схьаяккхархьама кхиболу тІеман гІирс дІахІотто а безаш ву.
Выбор основного перевода