Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса уьш мичча а дІалаьхкинчу меттигашкахь оцу вочу халкъах массо а дийна дисначарна дахарал Іожалла дика хетар ю», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. «Аса массо а хІума цаьргара схьадоккхур ду. Кемсийн таьлланг тІехь цхьа а кемс юьтур яц, инжирийн дитта тІехь цхьа а инжир а юьтур яц, царна тІера гІаш а маргІалдулур ду. Аса царна мел делла долу хІума а кхиболчара схьадоккхур ду», – боху Везачу Эло. Иза яьссачу аренгахь йолу колл санна хир ву. Диканиг хилча а, цунна иза гур дац. Яьссачу аренгара екъачу меттигашкахь а, адамаш ца дехачу лаьттахь а Іийр ву иза. Нагахь санна кемсаш схьагулйийраш хьо волчу багІахь, таьллангаш тІехь цара масех кемс схьаяккхаза юьтур яц те? Нагахь буьйсанна къуй багІахь, шайна луъург бен цара ца лачкъайо те?
Выбор основного перевода