Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дІахІоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цІарах вистхила. Ахьа дІахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хІаллакдина а, дІадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахІиттийна а, юхадоьгІна а хир ду аьлла». Аса хьо хІинца чІагІйина гІала санна, аьчка бІогІам санна, йоьза пен санна, хІокху лаьтта тІехь дІахІоттийна. ЯхІудан халкъан паччахьашна а, цуьнан тхьамданашна а, динан дайшна а, массо а кху лаьттарчу халкъана а дуьхьал хьо латталур ву. Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «ЦІарца санна цІандийр ду Ас Сайн халкъ, Іазапашца зуьйр ду Ас Сайн къам. Кхин хІун далур ду те Соьга царна, Сайн хьомечу халкъо летийначу къинна? Оцу нахана хьалха Аса хьо мокхазан берд санна вийр ву. Уьш хьуна дуьхьал бевр бу, амма хьо цаьрга эшалур вац, хІунда аьлча Со хьоьца ву, хьо паргІатваккха а, кІелхьарваккха а. – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода