5
Маданхоша, Исраилан лаьтта тІе а баьхкина, цигахь шайн четарш дІахІиттийра. Цара шайца шайн доьзалш а, шайн бежанаш а схьадалийнера. Уьш, цІоз санна, дукха бара, церан эмкалш а ягар ца яллал дукха яра. Цу лаьтта тІе а баьхкина, цара массо а хІума хІаллакдинера.