Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн махкана тІелеттачу мостагІчунна дуьхьал тІамца шу доьлхучу хенахь, орца доккхуш, турба лакха. ТІаккха шайн Везачу Далла дагадогІур ду шу, Цо шу мостагІех кІелхьардохур ду. Иштта Байтлахам а, ІайтІам а, ТакхоІ а, Кхеллин ков Рахбин кІанта Малки-ЯхІус тодира. Малки-ЯхІу Байт-КІарам олучу меттиган хьаькам вара. Ков то а дина, неІарш кІажаш тІе а ехкина, цу неІаршна догІанаш а, гІораш а дехкира цо. Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тІехъоьхур бу. ЯхІуд-махкахь массарна а дІахаийта, Ярушалаймехь массо а стаге дІакхайкхаде: «Коьман маІа а лоькхуш, орца даккха! Мохь а хьоькхуш, массанхьа а дІаала: „Дерриш а цхьана метте схьагулло, чІагІйина йолчу гІаланашка дІагІур ду вай“. Байракхца хаам бе, Цийоне дІагІо алий! Хье ца луш, кхерам боцучу дІадовда, хІунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту шу долчу хІаллакьхилар а, боккха бохам а.
Выбор основного перевода