Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СагІанаш а, совгІаташ а ца дийзира Хьуна, Сан лергаш дІадиллира Ахь. Дийнаташ дагоран сагІанаш Хьуна ца тайра, къинойх долу сагІанаш Ахь ца дийхира. Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац. Эмкалийн ковранаша дІалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Іейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогІу хьакхарш а дахьаш, йогІур ю. Везачу Элан сийлахь гІуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Даха а гІой, Суна дийнаташ дагоран сагІа даккхаран метта, цунах долу жижиг сагІанийн кхидолчу жижигна тІедилла. Суна цунах хІумма а ца оьшу – аша-шаьш и дерриг а даа! «Суна ца деза, Суна дегаза хета аша даздеш долу денош. Шун динан гуламаш Суна дегаза хета. «Стенца дІахІотта веза со Везачу Элана, стигалан Далла, хьалха, со Цунна Іамал ян веача? Шаре девлла эсий а далош, дийнаташ дагоран сагІанца дІахІотта те со Цунна хьалха? Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Іенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тІера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тІера?»
Выбор основного перевода